Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 1:22 - Делан Йозанаш

22 И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тӀера дешнаш иштта дара:

Ver Capítulo Copiar




Маттай 1:22
22 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега:


Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина.


Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:


Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг:


Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.


Цу тӀехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду, дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш».


ХӀарод-паччахь шен Ӏожаллех кхалххалц, уьш цигахь Ӏийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте».


Уьш Назарт-гӀалахь ба̄ха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».


«Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву.


Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлларг: «Вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна, Цо вайн цамгарш дӀаяьхьира».


хӀунда аьлча уьш „таӀзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама.


«ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.


Нагахь Делан дош дӀакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц),


Амма иза хилира, церан товрат-хьехамаш тӀехь яздинарг кхочушхилийта: „Со ца веза бахьана дацара церан“.


Со цаьрца дуьнен чохь волчу хенахь, Ахьа Суна деллачу Хьан цӀеран олаллица Ас уьш Ӏалашбира. Царах цхьа а Ас ца вайира, хӀаллакьхила везаш волу стаг воцург, Делан Йозанаш тӀехь дерг кхочушхилийтархьама.


Иштта кхочушхилира Ӏийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина».


Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хӀордах чекхваккхар.


Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара.


ХӀунда аьлча Дала оцу итт маӀан даг чу Шен Ӏалашо кхочушъяр чудиллина. Иштта цара вовшашца барт бийр бу шайн паччахьалла экханан дола дӀадала. Иза иштта хир ду, Делан дешнаш кхочушхиллалц.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios