Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 1:16 - Делан Йозанаш

16 Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да. Марема Ӏийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йоккхуш волу.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 1:16
17 Referencias Cruzadas  

Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „Дала леррина Къобалвинарг“ олуш волу?»


Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогӀур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна».


Ӏийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кӀант вара, ткъа Юсуп Ӏелин кӀант вара,


Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?» Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!»


Массо а, ХӀара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кӀант ма ву Иза?» – бохуш.


Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КӀант, хӀара хӀун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чӀогӀа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду».


Марема кӀант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дӀа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хӀунда аьлча царна хьешан цӀа чохь меттигаш ца кхаьчнера.


Марем цӀе йолу йоӀстаг йолчу. Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем.


Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхӀудан а, ШамӀин а ваша а волуш, Мареман кӀант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира.


Хьекъалчаш дӀабахча, Юсупна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагӀатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дӀагӀо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Ӏе, хӀунда аьлча ХӀарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гӀерташ а ву».


Алади – ЭлиӀазаран да, ЭлиӀазар – МатӀанин да, МатӀани – Якъубан да,


ШамӀа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КӀант ву».


Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дӀа ма ала аьлла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios