Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 9:2 - Делан Йозанаш

2 Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира.

Ver Capítulo Copiar




Марк 9:2
23 Referencias Cruzadas  

Эли-ЯхӀус сагӀа доккхучу меттиге дечиг диллира. Ткъа урс хьаькхначу старгӀанах дакъош а дина, уьш цу дечигна тӀедехкира.


Ахьаб-паччахь яий, малий дӀавахара. Ткъа Эли-ЯхӀу Кармал-ломан бохьа тӀе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, шен корта голашна юккъе нисбира.


Шен гӀоьнча ЮшаӀ а эцна, Делан лам тӀе хьалаволавелира Муса.


Хьан бӀаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду.


Иза Цунна хьалха, ховха маргӀал санна, декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву. Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара вайн тидам цунна тӀебахийта. Цуьнга хьаьжча, цхьа а хӀума дацара вай Цунна тӀеозалуш долу.


Иза шена хезча, Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дӀавахара, ша висархьама. Амма нахана и хӀума дӀахезча, шайн гӀаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тӀаьхьабахара.


ТӀаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Ӏийса синтем байна а, чӀогӀа сингаттаме а хилира.


Цул тӀаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса.


Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Ӏийсас Шеца.


Ишттачу цхьана дийнахь лам тӀе хьалавелира Ӏийса Деле доӀа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доӀанаш деш.


Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.


ХӀокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТӀаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хӀун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а.


Со кхозлагӀа а вогӀу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац».


Вайн сий доцу догӀмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегӀах а тардина. И дийр ду Цо массо а хӀума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.


Цул тӀаьхьа суна гира йоккха кӀайн басахь йолу Ӏарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios