12 Доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хӀунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а».
стигала а хьаьжна, доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Эппатхьа!» (иза «дӀаделлало» бохург ду).
Боьхачу а, телхинчу а тӀаьхьено тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Ӏийса дӀавахара.
Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гӀала а гина, Ӏийсан бӀаьргех хи делира.
ТӀаккха Ӏийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тӀе».
Ӏийса чӀогӀа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх. ТӀаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза.
ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира.
Нах ца баьшна а, наха дӀатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгӀазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тӀера юьхь дӀаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера.
Цхьаболчу Ӏеламчу нахий, парушхоший Ӏийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чӀогӀа лаьара Ахьа тамашийна гӀуллакхийн билгало гойтийла!»
ТӀаккха, уьш Ӏад а битина, юха а Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе вахара Ӏийса.