2 Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара.
«Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда талхадо? Цара хӀума яале хьалха куьйгаш цӀандаран Ӏадат кхочуш хӀунда ца до?!»
Цундела парушхоша а, Ӏелам наха а хаьттира Ӏийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда ца лору, куьйгаш цӀан а дина, хӀунда ца йоу цара хӀума?» – аьлла.
Парушхо цецвелира, Цо хӀума яале куьйгаш ца дилча.
Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла.
Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хӀума йиъна яц аса“, – аьлла.
Веза Эла волчу Ӏийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц.
Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?
Цхьа а боьха хӀума а, иштта сийсаза долу гӀуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гӀалина. Ӏахарехь долчу дахаран тептар тӀехь цӀераш язйина берш бен, цхьа а гӀур вац цу чу.