Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 5:2 - Делан Йозанаш

2 Иза хинкеманна тӀера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дӀабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара.

Ver Capítulo Copiar




Марк 5:2
13 Referencias Cruzadas  

къуббанаш юкъахь а Ӏаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь.


ЦӀеххьана гуламан цӀа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш:


ТӀаккха, и стаг дӀаса а виттина, чӀогӀа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин.


Иштта дешнаш элира Ӏийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», – олу дела.


Адам дукха тӀех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Ӏийсас Шен мурдашка.


Юха а цхьана дийнахь Ӏоман берда тӀехь хьехамаш беш вара Ӏийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тӀе а ваьлла, Ӏоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тӀехь дисира.


ТӀаккха цара адамаш а дитина, Ӏийса хинкеман тӀехь ма-хиллара шайца дӀавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара.


Ӏийса Шен мурдашца хинкеман тӀехь Ӏоман берда тӀе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира.


Оцу хьехаш чохь Ӏаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зӀенашца а дӀа ца вехкалора иза,


Ткъа Ӏийсас хӀетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла.


Харцжинаша йоӀ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Ӏийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда.


Ӏийса берда тӀе ваьлча, Цунна дуьхьал гӀалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тӀе хӀума ца юхуш, нах дӀабухкучу хьехаш чохь Ӏаш вара.


КӀант, тӀевогӀучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Ӏийсас жине арадала аьлла омра а дина, кӀант туо а вина, дега дӀавелира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios