12 „царна, хьоьжжушехь, хӀумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тӀебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“».
«Шен бӀаьргаш доллушехь, бӀаьрзе долу а, шен лергаш доллушехь, къора долу а и халкъ арадаккха, – боху Везачу Эло. –
Царна хӀумма а ца хаьа, уьш хӀумманах а ца кхета. Церан бӀаьргаш а, дегнаш а дӀакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а.
ЯхӀудан къомана дӀахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тӀаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тӀера дӀабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара».
„ЛадогӀа, Ӏовдал, кхетам боцу къам. Шун бӀаьргаш ду, амма шуна хӀумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хӀумма а ца хеза.
«Адаман кӀант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хӀума а ца хеза, хӀунда аьлча уьш аьрха нах бу.
БӀаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догӀу те шуна,
Ӏийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца гархьама, ладугӀуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“.
ХӀинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза, шайн къинош дӀадахийтархьама.
Амма Везачу Эло таханлера де тӀекхаччалц ца деллера шуна дог, шун кхетам хилийтархьама, бӀаьргаш, шуна гайтархьама, лергаш, шуна хазийтархьама.
Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.
тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а ба̄халур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.