6 Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХӀародан адамашца барт бан буьйлабелира, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара те бохуш.
Парушхой, вовшах а кхетта, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира.
Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хӀародхой а тоьхна. Мурдаша Ӏийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу.
Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе.
Ӏийсас дӀахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХӀародан а муьстачу бедах ларлолаш».
Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а аьтто лоьхуш бара Ӏийса хӀаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура.
Парушхой а, Ӏелам нах а, оьгӀазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Ӏийсана хӀун дийр дара бохуш.
Цу дийнахь дуьйна Ӏийса вен сацам бира цара.
Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?