Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 3:5 - Делан Йозанаш

5 ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира.

Ver Capítulo Copiar




Марк 3:5
29 Referencias Cruzadas  

Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тӀехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара.


ЯрбаӀам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тӀера доӀа а дай, дехахьа сан куьг тодар». Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дӀахӀоьттира.


Со чӀогӀа оьгӀазвахара, сайна и хӀума хезча. Цундела аса ТӀуби-ЯхӀун салпал цу чуьра аракхоьссира.


ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».


Цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дӀакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дӀахӀоьттира.


ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира


Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш?


Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла. Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира.


ТӀаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза тоделира.


Цул тӀаьхьа бӀаьрзечуьнга элира Ӏийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила». Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тӀаккха бӀаьрса а гуш, иза цӀа вирзира.


Динан вежарий! Суна ца лаьа, хӀара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Ӏайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тӀедерззалц.


Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дӀадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дӀадоккху.


Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хӀунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ а ду.


Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дӀа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш.


Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тӀе тоьхна мухӀар ма ду Иза, паргӀатдахаран денна тӀекхаччалц.


Цундела, царна оьгӀаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“.


Хьанна оьгӀазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьӀахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгӀаз?


Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.


Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а.


Харцделанаш дӀа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏамал еш дӀахӀоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле.


ЯхӀуната, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, хьалагӀаьттира. Бутт цӀинлучу шолгӀачу дийнахь цо яа хӀума ца йиира. Цуьнан бахьана Даудах дог лазар а, шен дас шена йина вас а яра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios