Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 3:4 - Делан Йозанаш

4 ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира

Ver Capítulo Copiar




Марк 3:4
9 Referencias Cruzadas  

Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагӀанел.


Ӏийсас куьг заьӀап долчу стаге элира: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта».


ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира.


Амма уьш бист а ца хилира, хӀунда аьлча уьш новкъа богӀучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара.


ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хӀун дан мегаш ду? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios