Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гӀалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагӀаша боху: «Иза Ӏехо мегар ву. ТӀаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу».
Цара Ӏийса леррина тергалвора, Цунна тӀе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тӀехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Ӏедале дӀаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш.