12 Ткъа Ӏийсас чӀогӀа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш.
ХӀора Ша то мел винчу стагана Ӏийсас тӀедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла.
«ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
ТӀаккха церан бӀаьрса схьадеара. Ӏийсас царна чӀоггӀа тӀедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна».
Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла.
Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Ӏийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Ӏийсас ца магадора, Ша мила ву дийца.
Цо хӀора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахӀала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан олаллин цӀарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоӀанна чуьра араделира.