Марк 3:11 - Делан Йозанаш11 ХӀоразза а харц жинашна Ӏийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш. Ver Capítulo |
Ӏийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Ӏийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХӀун оьшу Хьуна соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗӀенашца дӀа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дӀавоьдура иза.