1 Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цӀа чу веара Ӏийса. Цигахь куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара.
Делан стага Бетал-гӀалахь сагӀа доккхучу кхерчехьа а вирзина аьлла дешнаш шена хезча, ЯрбаӀама, шен куьг дӀа а кховдош, элира: «Схьалаца иза!» ТӀаккха Делан стагехьа дӀакховдийна долу цуьнан куьг заьӀап хилира. ЯрбаӀаме шен куьг меттах а ца даккхалора.
Уьш Къапарнаме дӀабуьйлабелира. Шоьтан де тӀе ма деъана, Ӏийсас гуламан цӀа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира.
Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Ӏийса.
Цундела Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
Оцу Ӏомана тӀедоьлхучу некъаш тӀехь Ӏохкуш Ӏаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бӀаьрзенаш, астагӀнаш, заьӀапнаш.