Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 2:7 - Делан Йозанаш

7 «Иза хӀун ду те хӀокху стага дуьйцург? Цо ма Ӏеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»

Ver Capítulo Copiar




Марк 2:7
15 Referencias Cruzadas  

Со-со ву шун къинош дӀадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса.


ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»


Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтӀера волуш а? Хьо даим вац оьгӀазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.


Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргӀаддевллехь а.


Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?»


Боьхачунах цӀенаниг схьавер вуй? Вер вац.


Наха жоп делира Ӏийсана: «Ахьа дина дика гӀуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тӀулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».


Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира.


ТӀаккха динан коьртачу дас, шена тӀера бедарш а этӀош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хӀун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш?


Иза хезна болчу Ӏеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Ӏеса къамел до!»


тӀаккха хӀинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Ӏеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КӀант ву“, – аларна?


Цигахь хиъна Ӏаш масех Ӏелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура:


Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Ӏийсас цаьрга элира: «ХӀун ойланаш ю аша йийраш?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios