Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 2:5 - Делан Йозанаш

5 Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Сан кӀант, хьан къиношна гечдина».

Ver Capítulo Copiar




Марк 2:5
28 Referencias Cruzadas  

Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор».


Ахьа стигаларчу хишна тӀехула Хьайна Ӏа меттиг йо. Мархех Ахь Хьайна гӀудалкх йо, Хьо мохан тӀемашна тӀехь а хехкало.


Сайн боккхачу баланах суна дика болх хили. Хьайн безамца Ахь эрналлин Ӏинах ларви со. Сан къинош Хьайна тӀехьа тийси Ахь.


Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.


Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».


Ӏийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоӀ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира.


Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“?


Цигахь хиъна Ӏаш масех Ӏелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура:


Ткъа Ӏийсас элира зудчуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна, хӀинца чул тӀаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо».


Церан Шех тешар а гина, Ӏийсас элира: «ДоттагӀа! Хьан къиношна гечдина», – аьлла.


ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна».


Цундела Ӏийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.


Цул тӀаьхьа и стаг Делан цӀийнан кертахь а карийна, Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама».


ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш.


Цо а ладугӀура ПахӀала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахӀална гира цуьнан шен товаларх болу тешам.


Амма Дала Иза, Эла а, кӀелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тӀедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а.


Цундела шух дукхахдерш гӀораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле.


Шу къинтӀера девллачунна со а ваьлла, хӀунда аьлча со хӀуманна къинтӀера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха,


Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду.


Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра.


Тешаран доӀано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тӀе хӀоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios