10 Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТӀаккха цомгушчуьнга Ӏийсас элира:
Ӏийса Пилап-паччахьан гӀалин уллорачу метте веача, Цо шен мурдашка хаьттира: «Наха Адамийн КӀант мила ву боху?»
Амма Дала Иза, Эла а, кӀелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тӀедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а.
Цомгушчуьнга ала хӀун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба а эций, дӀагӀо“?
«Ас боху хьоьга! Хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»