3 Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неӀарера тӀулг хьан дӀабоккхур бу те вайна?» – бохуш.
Ӏуьйранна, сатосучу хенахь, кӀирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара.
Ткъа дӀахьаьжча, тӀулг дӀакарчийна гира зударшна. И тӀулг чӀогӀа боккха бара.
Ткъа кӀирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀакарчийна гира Маремана.