Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 13:3 - Делан Йозанаш

3 Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь Делан цӀийнан кертана дуьххьал хиъна Ӏаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча:

Ver Capítulo Copiar




Марк 13:3
13 Referencias Cruzadas  

Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хӀунда дуьйцу Ахьа нахе?»


Нах а битина, Иза цӀа чу вахара. Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а бахана, элира: «Аренгахь тӀеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа».


Ялх де даьлча, Ӏийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тӀе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира.


Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Ӏуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Ӏийсас Шен мурдех шиъ вахийтира,


Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь хиъна Ӏачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тӀебаьхкира. Уьш Ӏийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тӀаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?»


ТӀаккха Зевадин шина кӀанта Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏийсана тӀе а вахана, элира: «Устаз! Тхан дехар кхочушдан лаьар-кх тхуна Ахьа».


«Алахь тхоьга, маца а хир ду иза, хӀун билгало а хир ю и хиндерг кхочуш хуьлуш?»


ТӀаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Ӏийса синтем байна а, чӀогӀа сингаттаме а хилира.


Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш.


Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Ӏийсас Шеца.


Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios