Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 13:10 - Делан Йозанаш

10 Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дӀакхачо беза.

Ver Capítulo Copiar




Марк 13:10
10 Referencias Cruzadas  

И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дӀакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тӀаьхьа тӀекхочур ю дуьненан чаккхе».


Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тӀехь шеконаш а йоцуш, чӀагӀ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дӀа ца хадийтахь а. Стигал кӀел болчу массаьрга а дӀахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахӀалах.


ТӀаккха суна стигална юккъехула тӀемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хӀора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дӀакхайкхорхьама.


Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тӀехь шен стом луш а, дӀасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара.


Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тӀехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дӀакхаьчна церан тоьшалла».


Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ.


тамашийначу билгалонийн а, инзаречу хӀуманийн а ницкъаца а, Делан Синан ницкъаца а. Иштта, Ярушалайм-гӀалара Иллирик-махкана тӀекхаччалц, аса, массо а меттигашкахула чекх а волуш, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ кхоччуш дӀасабаржийна.


Уггар а хьалха шуна массарна а тӀера Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хастамаш бо аса, хӀунда аьлча дуьнен тӀехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна.


Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios