Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 12:3 - Делан Йозанаш

3 Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дӀахьажийна.

Ver Capítulo Copiar




Марк 12:3
29 Referencias Cruzadas  

Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бӀе пайхамар дӀахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса.


Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.)


Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара».


Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара».


Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“».


Асас, аьллачунна эргӀа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгӀаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь.


Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьӀаьржачу хӀиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чӀогӀа алсам а йоккхуш.


Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тӀера уьш дӀабирзира. Хьан пайхамарша уьш чӀогӀа боьхура, Хьуна тӀе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Ӏеса къамелаш дора,


Шун къомана Ас таӀзар дар эрна хилла, исраилхой, хӀунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хӀаллакбина».


Ярми-ЯхӀу-пайхамарна еттийтира. ТӀаккха цо, Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира.


‘Хьо Везачу Эло ЯхӀу-ЯдаӀана метта динан да вина дӀахӀоттийра, хьоьга Везачу Элан цӀийнан керта тӀехь куьйгалла дайта а, иштта хӀора, ша пайхамар ву бохуш, хьераваьлча санна лелаш верг набахти чу воллийта а. И санна волчу стагана, буржал а тоьхна, коча гӀомат йолла еза.


«Оха ладугӀур дац ахьа Везачу Элан цӀарах тхуна беанчу хааме.


Йоьлхуш, Цунна тӀееара цигахь Ӏаш йолу канаӀанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КӀант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоӀ».


Кемсаш хуьлу хан тӀекхаьчча, белхалошна тӀе ялхо вахийтина хӀусамдас, шена догӀу кемсийн дакъа схьаэцийта.


ХӀусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тӀулгаш а диттина, сийсаз а вина, дӀавахийтина иза а.


Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогӀур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хӀинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.


Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса а, пайхамарш а яхӀудхоша байинера. Тхо а дӀалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагӀий хилла царах.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios