Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 12:1 - Делан Йозанаш

1 Ӏийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.

Ver Capítulo Copiar




Марк 12:1
38 Referencias Cruzadas  

Иштта хӀума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш евр ю.


Аса-Айса хьо юьйгӀира, тоьлла таьлланг санна, ма тешаме кемсийн хӀу дара хьо! Муха хилла хьох вон хьожа йогӀу акха а, хийра а кемсийн таьлланг?


ТӀаккха аса, Яхьазкхиала, элира: «Маржа-яӀ, Хьалдолу Эла! Халкъо сох лаьцна боху: „ХӀетал-металшца дуьйцуш-м вац те иза?“»


Ӏийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хӀуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.


«Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кӀант хилла. Цо, хьалхарчунна тӀе а вахана, элира: „КӀант, тахана ваха а гӀой, сан кемсийн бешахь болх бе“.


«ЛадогӀалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.


Кемсаш схьагулъян хан тӀекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догӀу дакъа схьаэца.


«Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хӀиттийна.


Цара Ӏийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла. ТӀаккха Ӏийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».


Масала, цхьаммо шен цӀера а ваьлла, генна новкъа волучу хенахь, шен ялхойн кара олалла а делла, хӀоранна а шен-шен гӀуллакх дӀа а делла, гӀаролана сема хилар тӀедуьллу.


ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис?


Дукха хьехамаш бора Ӏийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга:


Дукха хан ялале, жимах волу кӀант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо.


Ӏийсас дийца долийра: «Паччахьан цӀийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чӀагӀ а йина, вухаверзархьама.


«Мичахь кечдан лаьа Хьуна иза?» – аьлла, хаьттира цара.


Ӏийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца гархьама, ладугӀуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“.


Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тӀехь малико шега дийцинарг дӀааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios