6 Амма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“.
Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.
Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала.
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий.
цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогӀур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хӀума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара».
ХӀунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тӀаьхьа а хир боцучу тайпана гӀайгӀа-бала хир бу.
ХӀунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хӀуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна.
Церан дай а, вежарий а тхо долчу арз дахьаш багӀахь, оха цаьрга эр ду: „Тхан дуьхьа къинтӀера довла бен-яманхошна, хӀунда аьлча тӀамехь вай схьа ца лецира царна хӀоранна зуда. Шайн чӀагӀо йоха а ца еш, зудабераш дӀа ца даларна шу бехке дац“».