Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 10:5 - Делан Йозанаш

5 Ӏийсас элира цаьрга: «И шуна тӀедиллинарг Мусас дӀаяздина, шун дегнаш къиза долу дела.

Ver Capítulo Copiar




Марк 10:5
8 Referencias Cruzadas  

Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тӀера уьш дӀабирзира. Хьан пайхамарша уьш чӀогӀа боьхура, Хьуна тӀе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Ӏеса къамелаш дора,


Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла.


Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.


«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тӀаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хӀума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дӀа а делла, цо и зуда шен цӀенна тӀера дӀайохуьйту.


ХӀунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХӀинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дӀакхелхича, кхин а чӀогӀа иштта хир дац ткъа шу?


Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хӀунда аьлча шу юхахьара халкъ ду».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios