Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 10:4 - Делан Йозанаш

4 Цара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита».

Ver Capítulo Copiar




Марк 10:4
7 Referencias Cruzadas  

Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дӀасакъастаран кехат, Ас иза дӀайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дӀаяхийтина ю шун нана.


«Нагахь санна майрачо дӀаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хӀума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хӀинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. –


Цуьнан хин волу майра Юсуп чӀогӀа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла.


ТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?»


Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тӀедиллина шуна?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios