3 Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тӀедиллина шуна?»
Сан хьехамна а, тоьшаллина а догӀучуьнга бен ла ма догӀа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догӀу – церан Делан нур дац!
Масех парушхочо, Цунна тӀе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дӀаяхийтар?» – аьлла.
Цара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита».
Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Ӏеламчу стага Ӏийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хӀун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»
Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до.
Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугӀу те цу тӀехь долчуьнга?