Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Марк 1:8 - Делан Йозанаш

8 Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».

Ver Capítulo Copiar




Марк 1:8
19 Referencias Cruzadas  

ТӀедерза ас шаьш нисдарна! Аса сайн дагахь дерг шуна хьоьхур ду, сайна хуург дерриг а шуна дӀалур ду.


лакхара вайна тӀе Делан Са доссийтталц. ТӀаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю.


Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.


«Цул тӀаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе. ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гӀенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхӀуьттуш хир бу.


Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.


Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогӀу суна тӀаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хӀоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста хьакъ вац со.


Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гӀалара Ӏийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира.


Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу.


Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу.


Цкъа хӀинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тӀехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“.


ХӀунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».


Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тӀедоссарх,


„ТӀаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе. ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хӀуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гӀенаш гуш хир бу.


Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похӀмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш.


ХӀунда аьлча вайх хӀора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегӀ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргӀат адамаш делахь а, вайга хӀоранга а цхьана Синах малийтина дара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios