7 Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогӀу суна тӀаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хӀоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста хьакъ вац со.
Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.
Иза сацо гӀоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тӀе?»
Цо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс.
Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».
Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу.
Иза сол тӀаьхьа вогӀуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ долуш вац».
Шена тӀедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хӀан-хӀа, Иза сол тӀаьхьа вогӀур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац“.
Юха ПахӀала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тӀевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТӀаьхьавогӀучух тешаре, ма-дарра аьлча, Ӏийсах тешаре».
Цо, хьала а гӀаьттина, корта лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, элира: «Хьан лай кийча ю шен элан ялхойн когаш била а».