5 ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догӀура цунна тӀе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга.
Цунна бакъдерг а, нийсо а еза. Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта.
Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тӀе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дӀа а хаийтина, уьш дӀатасахь, цунах къинхетам бийр бу.
Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Ӏаш долу адамаш а.
Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама».
Цо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс.
И дара Йордан-хин дехьа агӀор йолчу Бет-ХӀина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь.
Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Ӏейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура,
Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кӀеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира.
Дуккха а Ӏийсах тешнарш богӀура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а.
Кипас элира цаьрга: «Шух хӀора а Далла тӀе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Ӏийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТӀаккха шуна совгӀат санна Делан Са лур ду.
Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доӀа де, шайна гӀоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доӀано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна.
ТӀаккха ЮшаӀа элира Ӏахане: «Сан кӀант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гӀерта».