4 Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама».
Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.
Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга.
ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догӀура цунна тӀе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга.
Цуьнан халкъана церан кӀелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш.
Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Ӏейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура,
Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тӀаьхьа Назартара Ӏийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТӀаккха Ӏийса Галилайра дӀаволавелла, берриге а ЯхӀуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тӀехь долу нах тобеш а, хӀунда аьлча Цуьнца Дела вара.
ХӀун деш Ӏа хьо? Хьала а гӀаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цӀанло, Везачу Эле Ӏийсага кхойкхуш“.