Назарт-гӀала а йитина, Иза Къапарнам-гӀалахь ваха хиира. И гӀала Галилай-Ӏомана йистехь Ӏохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тӀехь хилла.
Шоьтан де тӀедеача, гуламан цӀа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Ӏийсага ла а дугӀий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хӀун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хӀуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца.