10 Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира.
«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.
Стигалш а этӀийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха.
Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ткъе уьтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхӀуд-махкара йийсаре дӀабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дӀаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хӀиттира.
Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара.
Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам».
Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гӀалара Ӏийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира.
Ӏийсана тӀе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам!»