Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 9:7 - Делан Йозанаш

7 «Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгӀазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хӀокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 9:7
33 Referencias Cruzadas  

Исраилхошна эскарца шайна тӀевогӀу пирӀун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш.


Цара элира Мусага: «Мисарахь дӀадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХӀара хӀун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна?


Цу арахь Мусага а, АхӀароне а лен буьйлабелира нах.


Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хӀунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хӀунда гӀерта шу?» – бохура Мусас нахе.


Цуьнан тидам а бе, Цуьнга ла а догӀа. Дуьхьало ма е Цунна, хӀунда аьлча Цо оцу къинна гечдийр дац, Цуьнца Сан цӀе хиларна.


Хьуна иза хезна а дац, цунах хууш хӀумма а дац. Хьан лергаш хьалха схьадиллина дацара. ХӀунда аьлча Суна хаьара, хьо мел ямарта ву, ненан кийрара схьаваьлчхьана дуьйна, дуьхьалваьлларг ю хьан цӀе.


Айса аьллачуьнга ладогӀарх дӀакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал йора цара. Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра.


Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша, шаьш кегий долчу хенахь дуьйна, Суна вон хеташ долу гӀуллакхаш дина. Цу халкъаша Со оьгӀазвахийтина, шайн куьйгашца цара мел лелийнарг бахьана долуш, – боху Везачу Эло. –


Шуна дицделла те шайн дайша а, яхӀудхойн паччахьаша а, церан зударша а лелийна долу зуламаш, аша шаьш а, шун зударша а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайман урамашкахь а лелийна долу вон хӀуманаш?


Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дӀа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чӀогӀа сийсаз а дохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тӀе йоссо, уьш хӀаллак а беш.


Цигахь шуна дагадогӀур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хӀуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш.


Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогӀа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цӀуш дӀа ца бехира, я мисархойн цӀушна букъ а ца берзийра. ТӀаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тӀе охьаӀано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгӀазалла царна тӀе яхийта а.


ТӀаккха дагадогӀур ду шуна шаьш дӀакхехьна долу вон некъаш а, шаьш дина долу вонаш а. Цул тӀаьхьа шаьш шайх дог дер ду шун шаьш летийна къинош а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.


Исраилхошца болу тӀебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хӀиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду?


Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана,


Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а».


Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бӀаьрга бан а ца беза и декъаза кхача».


Муабахойн зударша шайн цӀушна лерина хӀитточу сагӀанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагӀина деанарг а доура, церан цӀушна Ӏибадат а дора.


Ткъа векалех уггаре а кӀезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хӀунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Ӏийсах тешначийн тоба хӀаллакьян тӀаьхьаваьлла леллера со.


Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догӀура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цӀе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара.


ХӀунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХӀинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дӀакхелхича, кхин а чӀогӀа иштта хир дац ткъа шу?


Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хӀокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хӀун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла.


Шу суна девзинчу дийнахь дуьйна аьрха лелара Везачу Элана хьалха.


Шун Везачу Дала шуна хьалхара уьш дӀалаьхкинчул тӀаьхьа, шайн дегнашкахь иштта ма алалаш: „Тхо Шен лаамехь хилла дела, Везачу Эло кхуза схьадалийна, хӀара латта тхайн дола даккха“. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн хьараме лелар бахьана долуш, Везачу Эло шуна хьалхара дӀалохкур ду уьш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios