Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 9:5 - Делан Йозанаш

5 Шун Делан лаамехь хилар я шун догцӀеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн Ӏесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дӀалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахӀиме, Исхьакхе, Якъубе – ваӀда деш делла дош кхочушдархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 9:5
26 Referencias Cruzadas  

Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь.


Дерриг а хьуна гуш долу хӀара латта Ас хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀалур ду.


Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а».


Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта».


Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».


Ша тогӀи чуьра гӀаланаш йохош, Шена ИбрахӀим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гӀаланашкахь Ӏаш волу ЛутӀа араваьккхира Везачу Эло.


Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду.


Стигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас.


Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».


Амма Сайн цӀеран дуьхьа Аса иза кхочуш ца дира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадоккхуш гина долчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар.


Цундела дӀаала Исраилан халкъе Хьалдолчу Эло бохуш дерг: „Хьан дуьхьа дийр дац Аса иза, Исраилан халкъ, амма шаьш арадевллачу къаьмнашна юкъахь ахьа сийсазъяьккхина йолу Сайн еза цӀе бахьана долуш дийр ду.


Шуна дӀахоийла, Ас иза шун дуьхьа дийр доцийла, – боху Хьалдолчу Эло. – ЦӀий а луш, юьхьӀаьржачу хӀуттийла хьо, хьайн некъаш бахьана долуш, Исраилан халкъ“.


Оцу гӀуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дӀалохкучу халкъаша цу хӀуманашца шаьш бехдина.


Ур-атталла уьш тӀехь Ӏаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таӀзар до оцу лаьттана, цо шена тӀера и нах дӀаӀеттор бу.


Якъубан тӀаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахӀиман тӀаьхьенна Ахь къинхетам дӀагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваӀда деш лур ду аьлларг ду.


Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тӀаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахӀиме: „Хьан тӀаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“.


Хаза кхаъ тӀе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагӀий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХӀетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваӀда бахьана долуш.


Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваӀда кхочушдархьама а,


ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».


Шайн деланашна цара Ӏамал ечу кепара шайн Везачу Далла Ӏамал ма елаш, хӀунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кӀентий а, шайн йоӀарий а, шайн деланашна лоруш, цӀергахь багабо.


ХӀунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гӀуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дӀалохку Цо и халкъаш, церан боьха гӀуллакхаш бахьана долуш.


«Шайн Везачу Дала шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, кхечу халкъаша лелийна боьха гӀуллакхаш дан ма Ӏамалаш.


Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гӀуллакхаш дан шайна цаьрга Ӏама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама.


вай дина долу бакъахьара гӀуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кӀелхьардаьхна вай. Шен Дезачу Синехула Цо вай цӀан а дина, юха а кхоьллина, карла а даьхна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios