Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 9:22 - Делан Йозанаш

22 ТабӀерехь, Массехь, Кхиброт-ХӀатаъвуэхь аша кхин а оьгӀазъоьхуьйтура Веза Эла.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 9:22
7 Referencias Cruzadas  

Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хӀунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хӀунда гӀерта шу?» – бохура Мусас нахе.


Цу меттиган цӀе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьӀна «зер» а, «лер» а бохург ду), хӀунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш.


Цу меттиган цӀе Кхиброт-ХӀатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хӀунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь.


Мусас АхӀароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, кхерча чуьра богуш болу кӀора а биллина, сихонца халкъана тӀе а вахана, ахьа царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, хӀунда аьлча Везачу Элера оьгӀазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина».


Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тӀулг левихошна дӀабелла, Хьан Урим-тӀулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios