Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 9:21 - Делан Йозанаш

21 Ткъа аша дина къилахь хӀума, старгӀин и сурт, схьа а эцна, цӀергахь дагийра ас. ТӀаккха иза йоха а йина, хьаша а хьаьшна, чан санна, ата а аьтта, лам тӀера охьаоьхучу хи чу тесира ас.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 9:21
9 Referencias Cruzadas  

Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И цӀу, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо.


Берриг а Исраил-махкахула йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дохийна дӀадехира, цӀуйх а чан йира, хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохийра Юши-ЯхӀус. ТӀаккха иза Ярушалайме юхавирзира.


Цара йина старгӀа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дӀамалийтира цо.


ТӀаккха аша детица кхелина болу шайн цӀуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дӀадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» – аьлла.


Цу дийнахь шух хӀораммо а шен къа латийначу куьйгашца бина дато а, дашо а цӀуш дӀакхуьссур бу.


Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагӀа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дӀахӀиттина.


Дерриге а цуьнан Ӏамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгӀаташ цӀергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цӀуш бохабойтур бу. ЦӀуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгӀаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дӀалур ду».


АхӀаронна а чӀогӀа оьгӀазвахнера Веза Эла, иза хӀаллакваллал, амма ас оццу хенахь АхӀаронна тӀера а доӀанаш дира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios