16 ДӀахьаьжча, суна гира шайн Везачу Далла дуьхьал аш къа латийна хилар, старгӀин сибатехь шайна лалийна цӀу а вина. Шу сиха дӀадевллера Везачу Эло шуна дӀакхехьа динчу весетан некъа тӀера.
Меттамотт болчу улло а веана, старгӀин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чӀогӀа оьгӀазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кӀажехь охьа а кхиссина, йохийра цо.
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгӀин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТӀаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара, Исраилан халкъ!»
Со, юха а вирзина, лам тӀера чувоьссира, иза цӀерах богуш болчу хенахь. Бартбаран ши экъа сан карахь яра.
Ас и ший а экъа, схьа а эцна, сайн карара лаьттах а тоьхна, шун бӀаьргашна хьалха йохийра».