11 Шовзткъа де-буьйса дӀадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тӀулган ши экъа, бартбаран экъанаш.
Синай-лам тӀехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тӀулган ши экъа елира Везачу Эло.
Муса лам тӀера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхӀаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна».
Везачу Элан лома уллора кхаа дийнахь новкъа дӀабахара исраилхой. Везачу Элаца барт баран тӀорказ, хьалха а даьккхина, дӀахьош дара оцу кхаа дийнахь, шайна совца меттиг билгалъяккхархьама.
Везачу Эло шуьца бина барт тӀеязбина йолу тӀулган экъанаш схьаэца со лам тӀе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш.
Хаза хьожа йогӀу хӀума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тӀорказ а дара цу чохь. ТӀорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегӀа а, маргӀалш хецна хилла йолу АхӀаронан Ӏаса а, бартбаран экъанаш а яра.