Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 9:10 - Делан Йозанаш

10 Везачу Эло Шен куьйга йоза тӀеяздина йолу тӀулган ши экъа елира соьга. Оцу экъанаш тӀехь яздина дара Везачу Эло гулам болчу дийнахь богучу ломан цӀерана юккъера шуьга схьа мел аьлла дешнаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 9:10
11 Referencias Cruzadas  

Синай-лам тӀехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тӀулган ши экъа елира Везачу Эло.


Амма Аса Делан Синца уьш дӀалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар.


Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю.


Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гӀуллакхан жамӀ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТӀулга тӀехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.


Везачу Эло, Ша хьалха лам тӀехь гуламан дийнахь цӀеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тӀе дӀа а язбина, уьш соьга схьаелира.


Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хӀунда аьлча шаьш Хьариб-лам тӀехь гулделлачохь аш дехна: „ХӀинца чул тӀаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хӀара сийлахь цӀе а ма гойла тхуна, тхо хӀаллак ца хилархьама!“ – бохуш.


Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хӀара денош дӀадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тӀедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тӀехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios