Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 9:1 - Делан Йозанаш

1 «ЛадогӀа, исраилхой: шу хӀинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чӀагӀонаш чохь йолу яккхий гӀаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 9:1
24 Referencias Cruzadas  

Цара элира: «ГӀала а, цу чохь стигала а кхочуш бӀов а хӀоттор ю вай ваьшна, хӀокху лаьттахь массанхьахула дӀаса ца даржадайта, цӀе а йоккхуьйтур ю вай вешан».


Муса лам тӀера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхӀаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна».


Цо мохь тоьххна чӀогӀа элира: ‘ХӀара дитт дӀахададе, цуьнан генаш а хададе. Цунна тӀера гӀаш охьадегаде. Цуьнан стоьмаш дӀасакхийса. Цу диттан кӀелхьара дийнаташ дӀайовлийта. Цуьнан гаьннашна тӀера олхазарш а дӀадахийта.


Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хӀаллаквина. Ас церан лакха тӀера стом а, лахара орам а хӀаллакбина.


Цара, дӀа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Ӏинна юххехь йолчу Рахьуб-гӀалина тӀекхаччалц и мохк теллира.


«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка дӀакхаьчча,


Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.


Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дӀалохкур ду, тӀаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша.


Шун Везачу Дала шуна дӀалуш долу латта шайн дола даккхархьама, шу кестта Йордан-хина дехьадевр ду. И латта схьа а лаьцна, шу оцу тӀехь дехар долчу хенахь,


Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тӀулгаш дӀа а хӀиттадай, царна кир тоха.


Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хӀара латта шуна дӀаделла шун дола даккхийта. Ткъа хӀинца тӀом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала.


«ХӀинца ладогӀа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тӀе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама.


Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дӀалахкархьама а, шу церан лаьтта тӀе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хӀинца иза ма-дарра.


«Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дӀадала ваӀда динчу лаьтта тӀе гӀур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гӀаланаш ю.


«Шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дӀалохкур ду – хьетахой, гӀиргӀашахой, эмархой, канаӀанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхӀ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду.


«Нах севцинчу меттехула чекх а довлий, дӀаала цаьрга: „Шайна новкъана кхача кечбе. Кхо де даьлча, Йордан-хил дехьа девр ду шу, шайн Везачу Дала шайна дола даккха луш долу латта схьаэца“».


Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гӀо де царна. ТӀаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де».


Ткъа хӀинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хӀетахь, цигахь Ӏаш Ӏаьнакхан кӀентий бу, церан гӀаланаш яккхий а, чӀагӀйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гӀо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара».


Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дӀадоладелча, динан дайша бартбаран тӀорказ, нахана хьалха а даьккхина, дӀадаьхьира. Халкъ царна тӀаьххье дӀадахара.


лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара.


Динан дайшка ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тӀорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира.


Хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ.


Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тӀорказна хьалха, довла. ХӀораммо а цигара шайн белшаш тӀе цхьацца тӀулг схьаэца. ХӀора тайпанна цхьацца хир бу уьш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios