Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 8:9 - Делан Йозанаш

9 Оцу лаьтта тӀехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хӀуманна тӀехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цӀаста доккхур ду.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 8:9
8 Referencias Cruzadas  

Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цӀенна ши бӀе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цӀаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тӀулг а кечбина аса, ткъа ахьа тӀеоьшург кечъе.


Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неӀаршна оьшун долу хьостамий а, цу неӀарийн кӀажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цӀаста а кечдира.


Эчиг лаьтта бухара схьадоккху, ткъа цӀаста, маьӀда хуьлий, лела.


Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду. Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ».


Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш».


Оцу лаьтта тӀехь кӀа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду.


ЮшаӀа элира цаьрга: «Доккхачу хьолаца юхадоьрзуш ду шу шайн четаршка, шуьгахь дуккха а даьхни а, дети а, деши а, цӀаста а, эчиг а, тайп-тайпана духарш а ду. Шайн вежаршца екъа мостагӀашкара шаьш яьккхина йолу хӀонс».


Цига дӀакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тӀелетар ву аьлла, дагадогӀуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios