Аса шу токхечу лаьтта тӀе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хӀуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира.
Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дӀабуур бу, хьан кӀентий а, зудабераш а хӀаллакдийр ду, хьан уьстагӀий а, стерчий а дӀадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дӀакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чӀагӀйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гӀаланаш хӀаллакйийр ю.
Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.