7 Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тӀе дӀадуьгуш ду. Оцу лаьтта тӀехь татолаш, Ӏемаш а, шовданаш а ду, тогӀешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу.
Цо шен вир кемсийн таьллангах дӀатосур ю, ткъа виран кӀорни – тоьллачу гаьннах. Тоьллачу чагӀар чохь шен бедар яшор ю цо. ЧагӀаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо.
аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду›, – бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхӀуга ла ма догӀа.
Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна, Исраилана – гуттаренна а болу барт санна.
Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.
ТӀевахана, иза мисархойн Ӏазапах кӀелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дӀадуьгур ду Ас Сайн халкъ.
аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц’.
Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тӀехь.
Аса шу токхечу лаьтта тӀе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хӀуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира.
Исраил-махкара баганан диттан хӀу схьа а эцна, иза токхечу лаьттахь дӀадийра цо, дак-дитт ма-дерра, хина уллохь.
Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тӀе дӀабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе.
Цундела шайн Везачу Делан весеташ ларделаш, Цуьнан некъашца а лелалаш, Цуьнга ларамах дуьзна а хуьлуш.
Оцу лаьтта тӀехь кӀа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду.
Цига дӀакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тӀелетар ву аьлла, дагадогӀуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта».