Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 8:6 - Делан Йозанаш

6 Цундела шайн Везачу Делан весеташ ларделаш, Цуьнан некъашца а лелалаш, Цуьнга ларамах дуьзна а хуьлуш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 8:6
9 Referencias Cruzadas  

Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама а, Хьан некъашкахула лелийтархьама а, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха.


Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. «Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, – дӀаолийла Исраилан халкъо. –


Нахана Делан парзаш а, Цо тӀедехкинарш а Ӏамаде, цара дӀакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гӀуллакхаш а довзийта.


И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара.


ЭхӀ-хӀай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама!


Шун Везачу Дала шайна тӀедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тӀехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».


Шайн дагахь хилийталаш, шун Везачу Дала, дас шен кӀант санна, шу Ӏамош дуйла а, нисдеш дуйла а.


Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тӀе дӀадуьгуш ду. Оцу лаьтта тӀехь татолаш, Ӏемаш а, шовданаш а ду, тогӀешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу.


Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тӀе а дерзадай, Цунна гӀуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гӀуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios