Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 8:4 - Делан Йозанаш

4 Шун бедарш шуна тӀехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 8:4
6 Referencias Cruzadas  

Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула уьш лелаш а бара, царна мел оьшу хӀума Ахь кхочуьйтура. Церан бедарш а ца тишлора, когаш а ца бестара.


Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц.


Шун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана.


Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара.


Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тӀера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios