Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 8:3 - Делан Йозанаш

3 Цо шу шаьш-шайна кӀезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хӀоттийна, гӀелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дӀагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хӀора дашца дехаш дуйла.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 8:3
15 Referencias Cruzadas  

Цундела оьгӀазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш.


ХӀунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла. Суна тӀехь долу Хьан куьг а дазделла.


Ӏийсас жоп делира: «Делан Йозанна тӀехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хӀора дош ду“».


Ӏийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, – аьлла, яздина ду».


Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна.


Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тӀера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира.


Аша бепиг а ца доура, аша чагӀар а, ниха а ца муьйлура, амма Ас шуна кхача лора, шуна хаийтархьама, Со шун Веза Дела вуйла“.


ХӀунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тӀехь».


Везачу Эло шуьца бина барт тӀеязбина йолу тӀулган экъанаш схьаэца со лам тӀе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios