Карлабаьккхинарг 8:2 - Делан Йозанаш2 Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хӀокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хӀун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. Ver Capítulo |
Маннаша динчу доӀанах а, Далла иза дӀахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна – иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагӀа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀиттадарх а, цо бинчу цӀуйх а лаьцна – яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тӀехь.