Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 8:19 - Делан Йозанаш

19 Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тӀаьхьахӀиттахь, царна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хӀаллакьхир ду аьлла.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 8:19
18 Referencias Cruzadas  

Кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитта, царна Ӏамал ярхьама а, Ӏибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгӀаз. ТӀаккха Аса зен дийр дац шуна“.


тӀебаьхкина болчу нахана гӀело а ца еш, байшна а, бисина Ӏаш болчу зударшна а гӀело а ца еш, бехк боцучеран цӀий а ца Ӏанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тӀаьхьа а ца хӀуьттуш шу лелахь,


Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Ярушалайм-гӀала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира.


«Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».


Церан долахь долчу я детига, я дешига кӀелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цӀеро хӀара дерриге а латта дагийна дӀакхоллур ду. Цо лаьтта тӀехь вехаш волу хӀорра а цӀеххьана кхоччуш дӀавоккхур ву.


Везачу Эло боху: «Ас халкъаш хӀаллакдина, церан чӀагӀонаш йохийна ю. Ас церан урамаш дассийна, хӀинца цхьа а ца лела церан урамашкахула. Церан гӀаланаш хӀаллакйина, цхьа а адам дац, бахархой а бац.


«Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама.


ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна, шу а хӀаллакьхир ду.


ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна хӀаллакьхир ду».


Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Ӏеха ма далийталаш, Везачу Элах дӀа а дирзина, кхечу деланашна гӀуллакх а деш, Ӏибадат а деш дӀахӀиттарх.


Церан дайшка Айса чӀагӀо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тӀе а бирзина, царна гӀуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дӀа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара.


Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тӀехь шу сихха хӀаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хӀаллакдина дӀадохур ду.


хаалаш: шун Везачу Дала дӀалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пӀендаршна тӀе шед а, бӀаьргашна чу баӀ а хилла дӀахӀуьттур ду. Эххар а шу тӀепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тӀера.


Амма шу кхин а зуламаш деш лелахь, шу а, шун паччахь а, норо дӀахьокхуш йолу нехаш санна, хӀаллакдийр ду».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios