Карлабаьккхинарг 8:18 - Делан Йозанаш18 Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хӀунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваӀда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чӀагӀбархьама. Ver Capítulo |
Кхин а суна гира стигална кӀел долу иштта хӀуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тӀамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хӀораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.