Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 8:17 - Делан Йозанаш

17 „Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хӀара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 8:17
17 Referencias Cruzadas  

Шун Везачу Дала шуна хьалхара уьш дӀалаьхкинчул тӀаьхьа, шайн дегнашкахь иштта ма алалаш: „Тхо Шен лаамехь хилла дела, Везачу Эло кхуза схьадалийна, хӀара латта тхайн дола даккха“. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн хьараме лелар бахьана долуш, Везачу Эло шуна хьалхара дӀалохкур ду уьш.


Хьан боху хьо кхечарал гӀоле ву? Хьан хӀун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хӀунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгӀат доцуш санна?


Набухди-Нецарна тӀехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дӀакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегӀ стигалара тхино тӀундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мӀараш яра».


Эпраймхоша а шаьш хестабо: «Вай дукха дика даха хевшина, вай шортта бахам гулбина. Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац вай лелийначу къилахь долчунна», – бохуш.


Нагахь санна: „И къаьмнаш тхол дукха ду, оха муха дохур ду уьш ара?“ – аьлла, шун даг чу дожахь,


Цундела цара сагӀанаш дахьа шайн эвнна, кӀур а туху шайн бойнна. ХӀунда аьлча оцу эвнах а, оцу бойнех а церан гайш дуьзина а хуьлу, церан шортта рицкъа а хуьлу.


Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьоьца цхьаьна тӀех дукха халкъ хилар бахьана долуш, маданхой шун кара дӀабала ца лаьа Суна. Суна ца лаьа исраилхоша, дозалла а деш: „Тхо тхаьш кӀелхьардевлла“ – бохийла а.


Везачу Эло цхьаьнга къелла кховдайо, вукхуьнга хьал ло, цхьаннан цӀе йожайо, вукхуьнан хьала а йоккху.


Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо. Къамел дарна говза а ву хьо, цундела Дала абаденналц декъалвина хьо.


Кхин а суна гира стигална кӀел долу иштта хӀуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тӀамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хӀораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.


Амма Дауда элира: «Иза ма дахьара аша, сан вежарий. Везачу Эло вайна хӀара хӀума делла, вайна дуьхьалдаьлла долу мостагӀийн цӀоз вайн кара схьа а делла, вай кӀелхьардаьхна.


нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь, сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь,


ХӀума лахаран а шен хан ю, лохучуьра сацаран а шен хан ю. ХӀума Ӏалашъяран а шен хан ю, иза дӀатасаран а шен хан ю.


Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дӀасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Ӏохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тӀехьа Ӏохкуш долу хьаькхна кӀа санна, Ӏохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“».


Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш.


„ХӀара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цӀе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цӀа хилийта йина йолу Бавел-гӀала!“


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios